Мамакаев мохьмад биография на чеченском языке

Иштта йаздина Мамакаев Мохьмада ненан маттах лаьцна. Оцу дешнийн маь1нех кхета хала дац. Шен парг1ато ца ларйелла къам леш ду, ткъа парг1ато ларйаран уггаре а нуьцкъала герз мотт лору автора.

Мамакаев Мохьмад вина 1910 шеран 16-чу декабрехь Т1ехьа-МартантIехь ахархочун доьзалехь. Шен ворхI шо долуш, дех-ненах ваьлла, байлахь висна жима Мохьмад. Гергарчу наха а, Iедало а терго йина кIентан. Иза дIаэцна Асланбековски берийн цIийне (хIинца Эна-Хишка), цигахь дешна йуьхьанцарчу школехь . Йуккъера школа чекхйаьккхина Соьлжа-ГIалахь. «Со вина де», «Ненаца дина къамел» поэмаш тIехь дийцина йаздархочо шен бераллех, дешаран шерех лаьцна. Хала хиллехь а, хаза хан йара иза, боху поэта.

Нохчийн йозанан мотт, литературин мотт кхиор нохчийн къоман меттан бакъонаш ларйеш дIадахьа дезаш хилар чIагIдора Мамакаев Мохьмада. Шен цхьана статья тIехь цо йаздина: «Вайн хенахь а наггахь карабо и шен ненан мотт цахаарх дозалла деш болу нах. Ишттанаш, цхьана а хIуманна пайдехь ца хиларал сов, массарна а кхераме бу. ХIунда? Шечун сий дан ца луучо, нехачун сий данне а дийр дац. Ишттанаш цхьа хала де тIехIоьттинчохь цхьанне а тешаме бац. Цара шайн дай а бухкур бу. Цундела цхьанне а ца беза шайн къам, цу

 

Вина  1910  ш, декабрехь  Т1ехьа – Мартант1ехь. Хьалхе  байлахь  висна  берийн  ц1ийнехь  кхиъна. Цуьнан  стихеш  зорбане  йийла  юьйлаелла  1926 ш. дуьйна. Мамакаевн  дуьххьарлера  поэтически  сборник  араяьлла  1930 ш.

1931-чу  шарахь « Ч1ег1ардиг»  ц1е  йолу  шолг1а  сборник.

Цо  язъина  поэмаш  ( « Ненаца  дина  къамел», « Т1улгаша  а  дуьйцу», «,Кемсийн  хорха» …)   « Зелимха»  – роман, « Революцин  мурд» , кхийолу  произведенеш.

« Ленинан  некъ»  газетан  редактор  волу  Мохьмад  лоцу  1937 – чушарахь. 1940 – чу  шеран  апрелехь  бакъво  иза. 1941 шеран  3 сентябрехь  юха  Гулагех  яккха  5  шо  хан  туху  цунна.Цигахь  Мамакаевс  16  шо  хан  токху.

Цигара  ц1авирзинчул  т1аьхьа  1962 шарахь  дуьйна  ша  дийна 

МАМАКАЕВ МОХЬМАД АМАЕВИЧ (1910 – 1973)

Арсанукаев Iабдулла

Нохчийн литературехь хьалхарчу чкъурах болчу яздархойн дахаран а, кхоллараллин а некъ Iаламат хала, чолхе хилла. Сталинан таIзар лаьттинчу хенахь – 1930-40 шерашкахь – лаьцна хIаллакбина къоман тоьлла яздархой Бадуев СаьIид, Айсханов Шамсудди, Актемиров Мусита, Дудаев Iабди, Нажаев Ахьмад. Чубоьхкина, ГУЛАГан  лагершкахь яккхий хенаш яьхна Арсанов СаьIид-Бейс, Ошаев Халида, Мамакаев Мохьмада, Мамакаев Iаьрбис, кхечаран а. Оцу инзаре халчу хьелашкахь адамаллица ца догIу Iазап шаьш токхуш, доьналлех, къонахаллех ца боьхначу нохчийн яздархойх вара Мамакаев Мохьмад.  

Мохьмад  зоьртала дегI долуш, воьттина вича санна, онда вара, буьрсо юьхь-сибат а долуш, дуькъачу цIоцкъамашна кIелхьарчу бIаьргийн хьажар леррина а, ойлане а хеталора. Вистхилар а, лелар а дурс аьлла дара.  Цунна тIехьаьжча, эр дацара иза маситта шарахь тутмакхан Iазап лайна ву.

Ламанан вайн Iаьсца боккха наж лаьтта, 
Къийсамехь ца бужуш, хийла чов лайна. 
Наж Iин чохь чагIбелла, орам а хецна,
Шен чевнаш дIайоьрзуш – моьнашца бегана.

Некхана гар доккхуш нажна чов хилла,
Къийсамехь цIий

Мамакаев Мохьмад

Мамакаев Мохьмад ­нохчийн яздархо а, поэт а вара. Иза вина 1910-шеран гIуран-беттан 16-чу дийнахь ТIехьа-Мартант1ехь. 1927-1930-чуй шерашкахь цо чекхъяьккхира Москвара Малхбале къинхьегамхойн Коммунистически университет а, Лаккхара литературин курсаш а. 1931-чу шарахь иза хIоьттира “Грозненский рабочий” газетан редакторан когаметтаниг. 1937-чу шарахь иза чувоьллира Соьлжа-ГIаларчу набахте. 1956-гIа шо тIекхаччалц иза Гулагехь вара. Халачу хьелашкахь воллушехь, кхоллараллин болх дIа ца тесира цо Гулагехь. 1955–1958-чуй шерашкахь Алма-Атахь нохчийн маттахь арадолуш хиллачу «Къинхьегаман байракх» газетан аг1онаш т1ехь зорбане евлира Мамакаев Мохьмадан къилбаседехь язйина цхьайолу стихаш. Даймахка цIавирзинчул тIаьхьа, Мамакаев Мохьмада 1962 шарахь дуьйна шен дахаран тIаьххьара де тIекхаччалц «Орга» альманахан редакторан болх бина. Мамакаев Мохьмадан дахаран некъ хедира 1973-чу шеран марсхьокху-беттан 17-чу дийнахь.

Гайтукаев А. «М. Мамакаевх – къонахчух, къийсамхочух а – дош»

1910-чу шарахь 1ашхой-Мартанахь вина Мамакаев Мохьмад. Дукха хьалхе да а, нана а делла висна. Ден, ненан, йиша-вешин уьйр-марзонехь ца кхиъначу, берийн ц1ийнахь бералла д1аяхначу к1ентан амал хьалхе ч1аг1ъелла. Оцу амало цунна г1о а дина, халонаш т1ех1иттича, букъ ца саттош, корта айббина шен дахаран некъахь чекхвала, шен къомах сий-лараме дош олуш. Шен дайн мохк, халкъ а дезаран шовкъо язъяйтира цуьнга нохчийн маттахь байташ.

Зорбане валар хала хиллехь а, амма кхиаме хуьлуш д1аволавелла иза. Шен 24 шо кхочучу шарахь (1934-чу шарахь хилира СССР-н яздархойн хьалхара гулам), А.М.Горькийс билет д1а а луш, иза пачхьалкхан яздархойн мог1аршка д1аэцна. СССР ц1е йолчу пачхьалкхехь, къаьсттина 20-чу б1ешеран 30-чу шерашкахь, харцо толош мур беара. Республикаш, къаьмнаш а ца къестош, х1аллакбан болийра баха доьналла мел дерш, интеллигенцин векалш.

Сталинан 1азапаш лайра вайн яздархошна а. Цу хенахь 1едало бехкбоцуш х1аллакбина Бадуев Саь1ид, Дудаев 1абди, Нажаев Ахьмад, Айсханов Шамсудди. Мамакаев Мохьмада ткъех шо набахтехь даьккхина, царах 6 шо – иза ша цхьаъ волчу камери чохь доккхуш. Цо яздина: «Сан 16 шо бен